2.61M
Category: literatureliterature

Сулаев Мохьмад «Лаьмнаша ца дицдо»

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
Сулаев Мохьмад «Лаьмнаша ца дицдо».

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Сулаев Мохьмадан кхолларалла йовзийтар,
цуьнан «Лаьмнаша ца дицдо» романан чулацам
бовзийтар;
кхетам - кхиоран: нохчийн литературе болу безам
к1аргбар.

3.

Догдаийтаран мур.
Х1етал – металш:
1. Гуттар а лесташ доьду, амма цкъа а
д1а ца кхочу?
2. Хина т1ай, некъана накъост?
3. Йуьйцина йу, амма керт йац?

4.

Нийса дуй талла.
Х1етал – металш:
1. Ага.
2. Говр.
3. З1е.

5.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци
йаран мур.
Ц1ахь 1амийнарг хотту.
1. 80 – 90 – чуй шерийн нохчийн литературин
муьлха произведенеш йешна аша? Дийца царах.
2. Нохчийн литература кхиарехь х1ун маь1на дара
«Пхьармат» литературин цхьаьнакхетараллин?
Х1ун керланиг деара литературе цуьнан
декъахоша?

6.

Сулаев Мохьмад Абуевич
(1920 – 1992)

7.

Йаздархочух лаьцна хаамаш.
1. Сулаев Мохьмад вина 1920 – чу шеран 20 сентябрехь
Хьалха – Мартанан к1оштан Г1ойт1ахь.
Деша ваххалц йолу бераллин хан цигахь йаьккхина цо. 1928 – чу
шарахь иза шен деца – ненаца Соьлжа – г1ала кхелхина. Школехь
дешначул т1аьхьа Мохьмад Баку – г1ала деша вахара. Цигахь
рабфак кхиамца чекх а йаьккхина, цул т1аьхьа циггахь лоьрийн
дешар дийшира цо. Дешна ваьлла ц1авирзинчул т1аьхьа дуьйна
лоьран а, поэтан а сийлахь г1уллакхаш кхочушдеш схьавеара иза.
М. А. Сулаев поэтически кхиарехь дакъалецира нохчийн
литературин бухбиллархочо С. Бадуевс. Поэтана вайнехан
фольклор а, литература а дика йевзаш хилар къеггина гуш ду
цуьнан произведенеш т1ехь.

8.

2. Дуьххьарлерачу байта т1ехь дуьйна гучубаьлла схьабог1у поэтан
Даймахке болу безам. Мохьмадан кхоллараллехь литературин
турпалхочун васт Даймахкаца д1аэделла ду.
Ч1ог1а оьзда, ийманехь стаг хилла Сулаев Мохьмад. Стеган
дахарехь коьртаниг Даймохк ларбар, шен халкъан дуьхьа хьанала
къахьегар хилар, адамийн дегнашка д1акхачор хилла йаздархочун
кхоллараллин коьрта 1алашо.
1944 – чу шарахь шен Даймахках къастийначу нохчийн халкъаца
цхьаьна Г1ум – Азехь кхойтта шо даьккхинчу Мохьмадан
кхоллараллехь, цуьнан байтийн мукъамашкахь къаьсташ
йешалуш, хезаш йу г1айг1а, сатийсар, сатийсам, шен дайн кхерче,
махке сатийсар. Цхьа шатайпана мур бу поэтан кхоллараллехь
«Безаман эшарш» байтийн гулар арайаьлла хан. Цул т1аьхьа
арахоьцу поэзин а, прозин а книгаш: «Велларг денвалар» (дийцарш,
1959 шо); «Тавсолта ломара д1авоьду» (роман, 1966 шо) и. кх. д1.

9.

3. 1964 – чу шарахь «Грозненски рабочий» (20 – г1а декабрь)
газетехь арайаьллачу шен «Поэмы и современность» статьяхь
Мамакаев Мохьмада билгалдоккхура: «Поэтан болх цуьнан
книгин стомма хиларца лара мегар дац. Коьртаниг кхин ду: мел
к1орга схьагайта хиъна цунна вайн дахаран а, шена гинчун а
маь1на. И гайтар цуьнан нисделлехь, жима книга а дуккха а тоьлу
цхьайолчу йоккхачу томал».
Гоьваьллачу поэто Мамакаев Мохьмада лаккхара мах хадийнарг
Сулаев Мохьмадан «Даймехкан з1енарш» поэзин гулар йара.
Сулаев Мохьмада Казахстанехь лоьран болх бина. Даймахка ц1а
веача шен лоьран балха д1авахана иза. Шен дахаран т1аьххьара де
т1екхаччалц бина цо и.
Сулаев Мохьмад ц1аьххьана кхелхина 1992 – чу шарахь Соьлжа –
Г1алахь. Вайн литературехь цо йитина сирла лар цкъа а йовр йац.

10.

Керла коьчал йовзийтар.
«Лаьмнаша ца дицдо» ц1е йолу роман. Нохчийн халкъан дахарехь
уггаре халачу мурехь – 1940 –чу шерашкара 1960 - чу шерашка
кхаччалц – адамийн кхолламаш романехь гайтар. Товсолтийн
амалшца доьзна къоман г1иллакх - оьздангалла гайтаран башхаллаш.
Романехь кегийрхойн васташ.
Романан маь1на а, исбаьхьаллин башхаллаш а.

11.

«Лаьмнашна ца дицдо» роман т1ехь болх бар.
1. 1966 – шарахь йаздархочо арахийцира «Тавсолта ломара д1авоьду» роман.
Иза кхин а шоръйеш, тойеш болх а бина, « Лаьмнаша ца дицдо» ц1е а йолуш,
йухаарахийцира 1990 – чу шарахь. Оьрсийн маттахь арайелира 1992 – чу
шарахь. «Горы молчат, но помнят» ц1арца. Роман шен чуламца а,
исбаьхьаллин башхаллашца а 1аламат мехала произведени йу. Нохчийн
халкъан дахарехь уггар халачу муьрехь (1940 – 1960 – чуй шерашкахь) хилла
адамийн кхолламаш гайтина романехь цхьанадоьзалан масалш т1ехь.
Романан 1аткъаме чулацам, вайнехан бохамах боьзна ца 1аш, изза 1азап
гиначу дуккха а кхидолчу къаьмнех а – г1алг1айх, г1алмакхойх, балкхарцех,
кхарачайцех, кхечарех тасабарал совнаха, тахана, дерриг дуьненахь
адамаллин бакъонашкахьа д1акхоьхьучу къийсамна бух х1отторехь доккха
маь1на долуш бу. Цхьа а бехкбоцу жима бер, муьлхха адам дер дуьненан
хьекъалчаша, эвлияаша ца магийначу кху Лаьтта т1ехь дийнна къаьмнаш,
шайн берашца цхьаьна махкахдохуш, Сталинан омрица х1аллакдар инзаре
доккха зулам ду. Цунах лаьцна нийсачу маь1нехь йаздинарг мехала ду тахана
дехачу къаьмнашна, т1ейог1учу т1аьхьенна.

12.

2. Цу темина лерина йара Сулаевс 1966 – чу шарахь йазйина «Тавсолта
ломара д1авоьду» роман. Бакъду, халкъан бохамах лаьцна цу хенахь
ма – дарра йаздан йиш цахиларна, и тема йуьззина схьайаста йисира
романехь. «Лаьмнаша ца дицдо» романехь го вайна хьалхалерра
турпалхой: ондда, цхьана амалехь лаьтта Тавсолта, шен миска дакъа
д1акхоьхьу цуьнан х1усамнана Нурбика, шайн кхоллам бес – бесарчу
хоршехь болу Селита, Нурседа, Дауд, школан директор Керим, завуч,
оьрсийн зуда Анна Львовна, казах Ахат, кхиберш. Амма цуьнца цхьаьна
го, мел шорбелла, к1аргбелла романан чулацам, хьалха ган йиш ца
хилла керла, ира дакъош т1екхетта. Уьш ду: нохчий махкахбоху ирча
суьрташ – «Къематан буьйса», спецпереселенцашкахь латтийна 1азап
довзуьйту – «Лагершкахула», эладитанца вайнахана уголовникаш
чухахкар – «Лениногорскехь», НКВД – хойн зулам 1орадоккху –
«Бухаринан томик» и. д. кх.

13.

3. Керла турпалхой а бу романна йукъабалийна: нийсо ларйеш
волу немцо – лор Эзау, жугти – юрист Венкин, ша лелийначух
дохковаьлла чекист – нохчи Бакар, оьрси лейтенант Еланцев,
мотт бетташ лелла Тойсум, саг1а деха дола хеташ, мацалла йалла
йала резахилла Мариг1аз и. д. кх. а. Цо гойту Сулаев Мохьмадан
«Лаьмнаша ца дицдо» роман, хьалха йазйина хиллачу «Тавсолта
ломара д1авоьду» романца з1е йог1уш йелахь а, дикка цунах
къаьсташ, керла роман йу ала мегар хилар. Авторан ницкъ
кхаьчна вайн халкъан дахар уггар халчу хенахь, историн голату –
хучу к1уркманехула чекхдолуш ма – дарра схьаохьа. Романан
д1ах1оттам, турпалхойн кхолламаш кхаа декъе бекъна схьагойту:
т1ом балале хьалха, т1ом иккхича хилларг, цхьа бехкбоцу дерриг
халкъ махкахдаккхар, хийрачу махкахь, цхьа а бакъо йоцуш,
йохьах ца духуш, 1азапе зама токхуш вайн къам чекхдалар, бала
хьегна ц1адирзинчул т1аьхьа шен махкахь цо дахар йухах1оттор.

14.

4. Романан х1ора персонаж йу шен йуьхь – сибат долуш. Турпалхойн
кхоллам, дахаран бердех бетталуш, халкъан кхолламах боьзна,
биллина хьалхахьа д1аоьхуш го.
Къоман г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ Тавсолтин вастаца ду.
Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йо1 Нурседа, Селита,
комсомоло бохучунна т1ег1ерташ, кхечу амалехь йу. Ши йо1 деца
эвхьаза ца йолу, йуьхь – дуьхьал эхь – бехк лардо, амма царна
йукъахь къийсам бу. «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн
литературехь дуьххьарлера произведени йара нохчийн къам
махкахдаккхаран тема иштта шуьйра х1оттийна.

15.

Литературин теори. Исбаьхьаллин литературехь васт кхолларах болу
кхетам к1аргбар.
Васт исбаьхьаллин ду – васташ ду, вастан, вастана, васто, васте –
исбаьхьаллин кхоллараллехь дахар гайтаран кеп. Искусствехь
дахарера бакъдерг довзаран, иза йуха произведенехь схьагайтаран
шатайпана йолу форма йу исбаьхьаллин васт.
Ма – дарра долу дахар дац исбаьхьаллин вастехь гучудолург.
Дуьненан хиламаш, дахарера г1уллакхаш шега схьа а эцна, шен
ойланца литта а литтина йаздархочо кхоьллина исбаьхьаллин васт
ду произведенехь схьах1уттуш дерг. Дуьненца, шена гонахарчу
дахарца авторан кхоллалуш йолу йукъаметтигаш гучуйовлу
исбаьхьаллин васташкахь. Дахарера бакъдерггий, шен ойланехь
кхоьллинарггий авторо эстетически кепехь цхьаьнадалоран
башхаллашка хьаьжжина кхоллалуш ду исбаьхьаллин васт.

16.

Сада1аран минот.
Самукъане материал.
Кроссвордан йеак1овш чу дешнаш нийса йаздахь, дикачу стеган
ц1е йаккхалур йу шуьга. Иза д1айаздина йу кроссвордана
йуккъехь (деша лакхара охьа).
Пурхнехьа:
1. Демах ден даар.
2. Пхьалг1ахь бечу белхан ц1е.
3. Йийбаран тайпа.
4. Йужуш лелон говр.
5. Цицигана уггаре а дукхайеза
чохь садолу х1ума.
Пхьалг1а – кузница, мастерская.
Йийбар – домащние вещи.

17.

Нийса дуй талла:
л
п
м
а
д
о
хь
аь
л
а
къ
о
н
а
х
а
л
г
ш
к
м
а
а
а
а

18.

1. Дешархоша д1айоьшу роман «Лаьмнаша ца дицдо».
2. Синквейн «Лаьмнаш».
Лаьмнаш.
Лекха, онда.
Лаьтта, 1алашво, деза.
Лаьмнаш - вайн Далла делла ни1мат.
Ч1аг1о.

19.

1амийнарг карладаккхар.
Исбаьхьаллин сурт х1отторан г1ирсаш.
Эпитеташ: букарчу тулг1ешца, жовх1арийн тхи, готтачу, бехачу цу
новкъа.
Метафораш: тулг1ешца чхернаш керчадеш, жовхарин тхи х1аваэ
хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадог1у, и сатуьй
соцу…
Олицетворени – метафорин цхьа тайпа; исбаьхьаллин сурт х1оттош,
1аламера муьлхха а х1ума адаман хьесапе дерзийна, синхаамаш,
кхетам болуш санна гайтар.
Поэто ламанан хи дийна долуш санна гайтина.
Кхидолу хиш – уьш тайп – тайпана къаьмнаш ду вайн махкахь
дехаш долу. Барт цхьаъ болуш бертахь дехаш хиларо ницкъ ло
къамнашна, ткъа д1акъестаро г1елдо уьш.(Сулаев М. «Ламанан хи»)

20.

Жам1 даран хаттарш.
1. Муьлш бу романан коьрта турпалхой?
2. Муха х1оттийна авторо Тавсолтин васт?
3. 1адаташна т1етийжаш, уьш лоруш велахь а, керлачу
1едална реза вуй Тавсолта?
4. Муха кхиийна Тавсолта шен доьзал?
5. Тавсолтин доьзалехь хуьлучу йукъаметтигашкахь
дакъалоцуш йерг мила йу?
6. Тавсолтас х1унда лору и оьрсийн зуда?
7. Кегийрхойх лаьцна муха кхоллайелла шун ойланаш?
8. Х1етахьлера кегийрхой таханлерачарах къаьсташ буй?

21.

1. Дешархоша шаьш бинчу белхан мах хадор.
2. Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

22.

Ц1ахь бан болх.
1. 1амайе Сулаев Мохьмадан кхолларалла.
2. Роман «Лаьмнаша ца дицдо» йеша, чулацам хаьа.

23.

Хьоме бераш,
даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун керла хаарш!!!
English     Русский Rules