2.94M
Category: literatureliterature

Ящуркаев Султан «Маьрк1аж - бодан т1ехь к1айн хьоькх»

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
Ящуркаев Султан
«Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх».

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Ящуркаев Султанан дахар а,
кхоллараллин некъ а бовзийтар, цуьнан повесть
«Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх»
йовзийтар;
кхетам – кхиоран: Даймахке болу безам к1аргбар.

3.

Урокана эпиграф:
«... Т1ех1оьттинарг д1а ца кхехьча ца долу...».

4.

Ойла т1ейерзор. Эпиграфна далийнчу мог1анашца берийн ойла
дешарна т1ейерзайо.
- Д1адеша, таханлерчу вайн урокана далийна дешнаш. Х1ун
бахьана ду уьш иштта далор?
- Хьенан лазам бу цу дешнашкахь буьйцург?
- Тахана х1ун дийр ду вай урокехь?
- Вай бан безачу белхан 1алашо х1оттайе вай?
- Повестан коьрта хилам муьлхачу заманахь д1абоьду? (Урокан
1алашонаш, декхарш дешархошка шайга билгалдохуьйту.)

5.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ахь бина болх таллар.
1. Бераша схьабуьйцу «Нашха» поэмин чулацам?
2. Хаттарш:
- Х1ун хаьа шуна Нашхах лаьцна?
- Вайн генарчу дайша Нашха мичахь йиллина,
боху авторо? Муха амалш йолуш адамаш хилла
цигахь даьхнарш? Х1ун дезарш хилла цара деш?
- Х1ун бахьана ду Нашха, хьаша т1еэца стаг а воцуш,
йаьсса хиларан?

6.

Ящуркаев Султан Сайд1алиевич
(1942 – 2018)

7.

1. Яшуркаев Султан вина 1942 – чу шарахь Веданан к1оштарчу Хорача – йуьртахь
ахархочун доьзаллехь. К1ентан ши шо дара, шен къомаца и махкахвоккхучу
хенахь. Цуьнан бералла а, кхиар а д1адахара Казахстанехь. Шен халкъаца цхьаьна
Даймахка вирзинчул т1аьхьа Султана йуккъера школа чекхйаьккхира.
Нохчийн матте а, литературе а болчу безамо иза валийра Нохч – Г1алг1айн
хьехархойн институтан филологин факультете деша.
1974 – чу шарахь МГУ – н юридически факультет чекхйаьккхинчу т1аьхьа белхаш
бина талламан а, бакъонаш ларйаран а органашкахь.
С. Яшуркаевн байташ, дийцарш зорбане дуьйлу «Орга» журналехь, йукъарчу
гуларшкахь. 1988 – чу шарахь Нохч – Г1алг1айн книжни издательствехь арайолу
поэтан «Седарчийн буьртигаш» байтийн гулар.
Яшуркаев Султанан кхоллараллехь билгалйелира цуьнан коьрта тема: жимчохь
хийрачу махкахь лайна халонаш, хилла декъаза бералла, даймахке болу сатийсам.
И тема цо поэзехь, прозехь к1орггерчу исбаьхьаллица йаьстира. Йешархоша,
литературин критикаша дика т1еийцира нохчаша ц1ерадаьхначохь лайначу
1азапах долу дийцарш: «Напсат», «Хорбазан чкъоьргаш», «Картолаш»,
«Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть.

8.

Нохчийчохь шолг1а т1ом баьлча, 2000 – чу шарахь, Яшуркаев Султанан
йуха а махкахвала дийзира. Т1аьххьарлерачу берх1итта шарахь цуьнан
1ер – дахар д1адахара Европехь – Бельгехь. Амма шен сица, ойланашца
иза даим Даймахкаца вара. Иза дика гуш ду цо т1аьхьарчу шерашкахь
йазйинчу говзаршкахь.
Цуьнан кхолларалла йуха а денйелира керлачу басаршца, керлачу
васташца, керлачу шовкъаца даймахках къастаран тема. Яшуркаев
Султана публицистическин жанрехь оьрсийн маттахь йазйина
«Кескаш т1ехь сизаш» книга Европин дуккхачу меттанашкахь, гочйина,
арахийцира. Султана даим кхоллараллин з1е латтайора Нохчийчоьнца,
цо керла йазйина байташ, статьяш кест – кеста зорбане йуьйлура ц1ахь
арадовлучу журналашкахь, газеташ т1ехь. Цо нохчийн литературехь
йитина лар йовр йац цкъа а.

9.

Дешнаш т1ехь болх:
г1ап – застава, крепостная ограда;
док – портехь кеманашна ремонт йен г1ишло;
паднар – топчан, лежанка;
наштаран куршка – алюминевая кружка;
гота – плуг с упряжью; вспаханный участок
земли;
кхоллам – судьба; рок; предначертание;
предопределение.

10.

Символах лаьцна кхетам балар.
Символ (билгалонан маь1не хьаьрк) – говзарехь (произведенехь)
цхьа х1ума цуьнан билгало шеца йолчу кхечу вастаца исбаьхьаллин
кепехь билгалйар. «Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх» повестехь
масех символ йу. Масала, саьрмак – иза бохамийн, т1еман символ йу,
некъ – иза вайн халкъан кхолламан символ йу, гота - иза дахаран
символ йу. Оцу символша г1о до авторна повестан
коьрта идея – нохчийн къам, халонашна,
бохамашна къар ца луш, даим лаьтта т1ехь дехар
хилар – къеггина гайта.

11.

Керла коьчал йовзийтар.
Нохчийн къоман исторехь тайп – тайпана бохамаш хилла. Царах
цхьаберш: 19 – чу б1ешарахь хилла Кавказан т1ом; и т1ом
д1абирзича, цхьаболу нохчий Хонкар – махка д1акхалхар; 1944 – чу
шарахь нохчийн къам ц1ерадаккхар а. Тахана дехачу адамашна а,
т1аьхьа т1едог1учу чкъурана а хаа деза оцу хиламех долу бакъдерг а,
оцу халачу киртигех нохчийн къам шен мотт а, г1иллакх –
оьздангаллин культура а 1алашйеш, к1елхьара муха даьлла а. Оцу
1алашонна мелла а жоп луш йу Яшуркаев Султанан «Маьрк1аж –
бодан т1ехь к1айн хьоькх» повесть.

12.

Керлачу хаарийн дуьххьара д1алацар.
1. Хьехархочо къастош д1адоьшу повестан дакъа.
2. Кхетарх дуьххьарлера таллам.
Повестан д1ах1оттаман (композиции) шатайпаналлех лаьцна
дийцар.
3. Хаттарш:
- Х1ун маь1на леладо повестехь некъан васто?
- Т1амера ц1а веанчу Мадина х1ун го шен Даймахкахь?
- Йешначунна дагах кхеташ гайтина йаздархочо, Даймехкан декхарш кхочуш а
дина, винчу йуьрта веанчу б1ахочун ойланаш.
- Суьйличо кхуьнга аьлла дешнаш: «Нохчий дац кхузахь. Нохчий арадаьхна
...Абургаш доцурш, нохчий дац...»
И дешнаш генарчу махкахь хийлазза кхуьнан дагах чекхдуьйлура.
Кхуьнан ц1енчу ойланаша т1е ца лоцура шен халкъ махкахдаккхар.
Т1амехь мостаг1ех мохк к1елхьарбоккхуш леттачу салтичун даго ловш дацара
шен къомана т1ехь кхоьллина харцо. И лазаме 1овжам, де - дийне мел дели,
карзахбуьйлура.

13.

- Семеновке боьдучу новкъахь х1ун халонаш 1иттало вайн
турпалхочунна т1е? Цу халчу муьрехь г1иллакх – оьздангалла
лардаро х1ун ойла кхуллу вайн?
- Къам шен оьздангаллин гура чохь латтош, дика г1иллакхаш
алсамдохуш, ирсечу кханене сатийсам кхоллалой вайн?

14.

15.

16.

Керла коьчал кхин д1а а хьехар.
1.
2.
Чулацамна т1ехь болх бар.
Хаттаршна жоьпаш далар:
- Муха йолалуш йу повесть?
- Повестан коьрта хилам муьлхачу заманахь д1абоьду?
- Повестан коьрта турпалхо мила ву?
- Т1амера ц1авеанчу Мадин х1ун го шен Даймахкахь?
- Ц1ерабаьхначу шен гергарчарна т1аьхьаваха
новкъаволуш, х1ун оьцу Мадас?
- Муьлхачу хьолехь карабо Мадина
Казахстанехь шен махкахой?
- Х1ун хьехар до Мадина Долонерчу
воккхачу стага?

17.

Дозуш долу къамел кхиор.
Кицанаш:
1. Вина мохк мазал мерза бу.
2. Нехан махкахь эла хуьлучул,
шен эвлахь лай хилар тоьлу.
3. Дикачу пхьидо шен 1ам хестабо.

18.

Урокан жам1аш.
Хьехархочун дош.
Дикчу йаздархойх, поэтех, драматургех дозалла дан йиш йолуш ду
вай. Царна йукъахь шен башхачу произведешца билгалволу
Яшуркаев Султан. Машарехьа, адамаллин оьздангаллехьа
кхойкхуш а, Даймахке болу безам г1иттош а йу йаздархочун
произведенеш. 1аламат дика нисло Яшуркаевн къинхьегамах
лаьцна йолу стихаш.
Шайна т1е тидам бохуьйтуш ду вайнах махкахбахар а, цара
цигахь лайначу халонех а долу цуьнан дийцарш. Къоман Iep дахар, хаза г1иллакхаш, ламасташ довзуьйтуш, оьзда кхане
кхиорехь халкъан эсехь хазна хилла лаьттар бу йаздархой.

19.

Хаарийн мах хадор.
(Урокехь бинчу балхе хьаьжжина, дешархочо ша йа
шаьш вовшийн хадабо шайн хаарийн мах, билгалбоху
шайн кхиамаш а, кхачамбацарш а.)

20.

Рефлекси йар.
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

21.

Ц1ахь бан болх.
«Маьрк1аж – бодан т1ехь к1айн хьоькх» повестан
дакъа деша, хаттаршна жоьпаш дала. (Аг1о 179 – 200)

22.

Хьоме бераш,
даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун хаарш а!!!
English     Русский Rules