Similar presentations:
Шайхиев Хасмохьмадан Iалвади
1.
Шайхиев Хасмохьмадан Iалвади дахара, кхолларалла
(1947 - 2018)
2.
Шайхиев Хасмохьмадан IалвадиПоэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади XX
бIешеран 60 шераш дуьйлалучу муьрехь веана
нохчийн литературе.
Шайхиев Iалвади вина 1947 шеран оханан беттан
12 дийнахь Киргизерчу Ошски областан МирзаАкински районан Октябрьски йуьртахь ахархочун
Хасмохьмадан доьзалехь.
3.
Киргизерчу Ошски область4.
Нажин-Юьрт↓
Киргизерчу Ошски область
↓
5.
ДешарШколехь дешар киргизийн маттахь дIадолийна, Октябрьски юьртахь
киргизийн маттахь бен школа ца хилла.
1957-чу шарахь цуьнан доьзал Киргизера Даймахка цIадирзича,
(Нажин-Юьртан кIоштара Замай-Юрт) йуьхьанцарчу школан 4-чу
классе деша вахара иза.
Йуьхьанцарчу школехь дешна ваьлча, Шайхиев Iалвадис Галайтахь 5–6
классашкахь, Мескитахь 7–8 классашкахь дешна, цул тIаьхьа НажинЮьртара йуккъера школа-интернат чекхъйаьккхина.
6.
Бина белхаш1964 шарахь Замай-Юьртарчу школе хьехархочун балха вахна
1965 шеран, Нажин-Юьртан партин райкоман секретара кхайкхина
дIа а вигна, «Коммунизман маяк» газетан редакцин къинхьегамхойн
кехатийн отделан заведующи хIоттийна
1965 шарахь ЧГПУ историко-филологически факультетан
нохчийн меттан, литературин, оьрсийн меттан, литературин
хьехархой кечбечу отделени заочно деша вахна.
7.
Бина белхаш«Коммунизман маяк» газетехь деа-пхеа шарахь болх бинчул
тIаьхьа, 1970 шарахь «Ленинан некъ» газетан редакце
схьавалаво Шайхиев Iалвади.
Оцу газетийн редакцешкахь кхиамца болх бина цо. Журналистан
говзалла карайерзца цхьаьна, газеташкахь болх баро гIо дора
исбаьхьаллин литературин корматалла кхиарехь а.
8.
КхоллараллаШайхиев Iалвади йаздан волавелла 13 шо долуш.
1962 шарахь (15 шо долуш) арадаьллачу «Ленинан некъ» газет тIехь
зорбатоьхна Шайхиев Iалвадин «Накъост, хаалахь» цIе йолу
стихотворени.
Иза поэтан зорбанехь арайаьлла дуьххьарлера стихотвлрени йу, оцу
хенахь 9 классан дешархо хилла кIант
Нажин-Юьртахь школан дешархо волуш Iалвадига кхайкхина НохчГIалгIайн Йаздархойн сойузо дIахьочу къоначу йаздархойн семинаре.
Поэзин секцехь йийцаре йина lалвадин стихаш.
Цхьаерш зорбане магийна.
9.
Коьрта темашДукха хьолахь цуьнан произведенийн темаш хуьлу :
къоналлин шовкъ,
дахарх воккхавер,
Даймахке,
Iаламе,
нене, езачу йоIе,
доттагIашка безамех лаьцна
10.
Белхаш/произведенешШайхиев Iалвади вуьрхIитта книгийн автор ву
(182 стихотворени; 8 поэма, 2 туьйра, очерк, эссе, «Кхаж» цIе
йолчу романан дакъош, «Бетарсолтас дуьйцу» цикл юкъара 4
дийцар, нохчийн 7 яздархочух лаьцна авторан дагалецамаш.) :
ОЬРСИЙН МАТТАХЬ
Огонь в очаге. Стихи. Грозный, 1975 / 50 лет на боевом посту.
М., 1975 / Багряный листик тополя. Стихи, поэмы. Грозный,
1983. / Ночные птицы. Стихи. М., 1986 / Башни чести. Стихи.
Грозный, 1990 / Заповедь. Стихи. М.,1990
11.
Белхаш/произведенешНОХЧИЙН МАТТАХЬ
Синхаам. Стихаш. Грозный, 1969. / Безаман алу. Стихаш.
Грозный, 1971. / Яьссин къоналла. Очеркаш. Грозный, 1977. ГIабуц. / Стихаш, дийцар. Грозный, 1978. / Синпха. Стихаш
Грозный,1980. / Стогаллин бIаьвнаш. Стихаш, поэмаш. Грозный,
1986. / Эхь-бехк. Грозный, 1990. / Нана-Нохчийчоь. Нохчийн
поэтийн байтин гулар. Хоттитйнарш: В. Дыхаев, I. Шайхиев.
Махачкала. 1997. / Нохчийн литература. 10-чу классана
учебник. Грозный. 2009. (В.А. Дыхаевца цхьаьна). / Iожаллел
лекха ду дегнаш. Стихаш, 2012. / Безаман декхар. Поэзи. Проза.
Грозный, 2014.
12.
Шайхиев Хасмохьмадан IалвадиПоэт, прозаик, публицист Шайхиев Iалвади
дуьнена т1ера д1аваьлла 2018-чу шарахь
эсаран беттан 22-чу дийнахь, Соьлжа-Гlалахь
13.
Дела резахуьлда тидам
барна!
кечйина Усманов М.Н.
literature