3.90M
Category: pedagogypedagogy

Текст а, цуьнан башхаллаш а

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
Текст а, цуьнан башхаллаш а.

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: текст стенах олу а, цуьнан башхаллаш
а йовзийтар; текстан тайпанех кхетор;
кхетам – кхиоран: ненан матте болу безам
к1аргбар.

3.

Догдаийтаран мур.
Ира дешнаш (афоризмаш):
1. Мел веха, мел веха ларделахь сий –
Хаалахь дахаран бахам и буй.
2. Луьйш верг шиъ бен вац –
дуьйцуш дерриг дуьне ду.
3. Ваха лаахь –
Ваха хаалахь.

4.

Дешархойн ойла т1ейерзор.
«Хиндолу хьоза бенахь дека!»
Дика к1ант (йо1) хьанах олу?
1. Кицанах болу кхетам бийцаре бар.
2. Шолг1ачу предложенехь долчу хаттарна жоп лахар.

5.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
2. Интерактивни уьн т1ехь д1айаздина ду:
. . . Нанна г1о дина ца 1аш, ша дика доыиуш вара Ризван.
Шен нана кхоош, шайн бежанаш Iалаш дopa к1анта.
Шовдан mle а оьхуш, хи кхоьхьура. Шен нийсархойх ийза
ца луш, дегаза ца хеташ, кертахь г1уллакх дора Ризвана.
Г1иллакхе, къинхетаме вара иза. Иштта, цхъанаэшшара
д1аоьхура цу доьзалан атта доцу дахар.
(Сулейманова 3.)
- Дийцаран кийсак йеша а йоьший, шаьш цунах муха
кхета дийцар.

6.

Керла коьчал йовзийтар.
Шена чуйог1у предложенеш йукъарчу цхьана темаца
йозайелла йолчу къамелах текст олу.
Шайн кепаца тексташ хила тарло йозанан а, бартан а.
Къамелан билгалоне хьаьжжина, текст хила тарло
монологан йа диалоган кепехь.
Шен чулацаме хьаьжжина, текстан хила тарло дийцаран,
суртх1отторан (д1айаздаран, схьайаздаран) ойлайаран кепаш.
Текстан хила тарло тайп – тайпана жанраш: д1ахьедаран,
хааман заметка, кехатан кеп, исбаьхьаллин, лирикин и. д. кх.
Текста йукъара предложенеш йозайала тарло ц1ердош
ц1ерметдашца хийцарца, синонимаш йалорца, 1алашоне
хьаьжжина, цхьа дош йух – йуха далорца, кхечу г1ирсашца.

7.

Т1еч1аг1дар.
1. Йозанца кхочушдо шардар № 19.
2. Таблица (йа схема) xloттop.
Текстан билгалонаш:
1) шен чулацам болуш хилар,
2) ц1е тилла йиш йолуш хилар,
3) предложенехь хиламийн paг1 ларйар,
4) шен цхьа стиль (хат1) йолуш хилар.

8.

Сада1аран минот.
Шарадаш:
1. Х –элп делахь, со йу т1ехь,
С – элпаца йу кафехь.
2. Куьйгаш шел ца долуьйтуш
1ай сан куьйгахь ду хуьлуш.
Нагахь хьалха Ф ахь диллахь,Серло тухур йу машенахь.

9.

Нийса дуй талла.
Шарадаш:
1. Халат – салат.
2. Кара – фара.

10.

1амийнарг карладаккхар.
- Кхечу хьехарсахьташкахь оьций антонимех пайда?
Масала, математикан урокехь антонимаш хаза тарлой?
(Плюс – минус, т1етоха – д1адаккха)
- Кхин муьлхачу урокашкахь хезна шуна антонимаш?
(Природоведени: Малхбузе – Малхбале, Къилбе –
Къилбаседе). Нохчийн литературехь х1етал – металшкахь:
«Йоьдуш - йаьсса, йог1уш - йуьзна». (К1удал)
«Говрал – лекха, ж1аьлел – лоха». (Нуьйр)
«Дийнахь – эла, буьйсанна – лай». (Ж1аьла)

11.

Синквейн.
Антонимаш.
Дуьхьалара, тайп – тайпана.
Лоху, карайо, йалайо.
Дуьхьалара маь1на долу дешнаш.
Лексика.

12.

1амийнарг карладаккхар. (Тобанашкахь болх)
1. 1 – ра тоба. Синонимех ловзар.
«Доттаг1 караве».
Т1едиллар: аьрру б1ог1амалгерчу дешнашна синонимаш каро деза
аьтту аг1ор б1ог1амалгера:
алфавит
накъост
сиха
цхьатерра
доттаг1
пекъар
миска
абат
хьекъал
каде
цхьабосса
кхетам
2. 2 – г1а тоба. Дешнийн болх. Т1едиллар. Кху дешнашна йалайе
антонимаш.
Абаде, аьрга, бакъдерг, йекъа, бертахь, букара, варста, готта, г1енах,
дуьра, йеса, къа, луьра, маьттаза, миска.
Г1оьнна: оьзда, хьолада, маьрша, азалла, хилла, харцдерг, нийса, т1еда,
теза, бертаза, самах, мела, йуьзна, шуьйра, азвала.

13.

Дозуш долу къамел кхиор.
Чекхдаха кицанаш:
1. Аьхка – мало, …
2. Аьхкенан дийно …
3. Аьхка салаз кечйе, …
4. Аьхка 1иллинарг …
- Кицанийн маь1на даста. Антонимаш билгалйаха.

14.

1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Кхочушдо шардар № 20.
2. Хьалхара предложени синтаксически талла.
3. Легаде: некъ, денош.

15.

1. Комментировать йеш оценкаш х1иттайо.
2. Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

16.

Ц1ахь кхочушдан дезарг.
1. 1амайо бакъо № 1.
2. Нохчийн литературин т1ера схьайазйо текст.

17.

Хьоме бераш, даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун хаарш!!!
English     Русский Rules