2.62M
Category: lingvisticslingvistics

Омонимаш. Хьехарсахьтан ц1е

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
Омонимаш.

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: хаа деза, омонимаш х1ун йу, дуккха маь1наш долчу
дешнашний, омонимашний йукъахь х1ун башхалла йу,
омонимийн маь1на къамелехь а, байташ йазйечу хенахь
пайдехь хилар; омонимаш каро хаар, шен къамелехь царех
нийса пайдаэца хаар, баккхийчаьрга ларам кхиор;
кхетам – кхиоран: нохчийн матте болу безам к1аргбар.

3.

Догдаийтаран мур.
Кицанаш чекхдаха:
Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана …
Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма …
Х1ума хаар – нахе …

4.

Нийса дуй талла.
Кицанаш:
Б1аьргана гинарг тешаме ду, лергана хезначул.
Ц1арца бегаш ма бе, хих а ма теша.
Х1ума хаар – нахе ладог1ар.

5.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1.
Ц1ахь 1амийнарг хотту:
- Лексика стенах олу?
- Лексикологи стенах олу?
- Масалш даладе дешнийн нийсачу маь1нехь а, тардинчу
маь1нехь а.

6.

Тобанашкахь болх бар.
Харжаман диктант.
Ваша, йиша, эса, 1аж, к1ант, йо1, б1ара, нана, да, кхор, деда,
денана, дейиша, бахам, хьокхам.
1 – ра тоба д1айазде зударий бигалбен дешнаш.
2 – г1а тоба д1айазде божарий билгалбен дешнаш.
3 – г1а тоба д1айазде кхийолу х1уманаш билгалйен дешнаш.
- Муьлха дешнаш йаздина хьалхарчу тобано? Шолг1ачу?
Кхоалг1ачу?

7.

Керла коьчал хьехар.
1. Дешнаш т1ехь болх.
Омоним (французски) – омос – цхьатерра, оним – ц1е.
И дош шина дашах кхолладелла ду – цхьатерра+ ц1е.
Хьехархочун дош.
Йаханчу урокехь вай шуьца 1амийра дуккха а маь1на долу дешнаш. Карладохур
ду вай уьш. Масала: мотт, лерг, ц1е, ча, не1.
Шайн тидам т1ебахийта мотт бохучу дашна. Д1айеша предложенеш:
а) Нохчийн мотт хаар доккха маь1на долуш ду.
б) Нанас шен к1антана мотт биллира.
в) К1ентан мачин мотт схьабаьллера.
г) Аюбан доьхкаран мотт дато бара.
д) Оха бежанан мотт кхехкийра.
Муха ду оцу дешан алар а, йаздар а?
Алар а, йаздар а цхьатерра ду.
Маса маь1на ду оцу дешан?
Маь1на пхиъ ду: буьйцу мотт, д1авуьжуш буьллу мотт, мачин мотт,
доьхкаран мотт, багара мотт.
Алар а, йаздар а цхьатерра а долуш, маь1на тайп – тайпана долчу дешнех

8.

1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Омонимаш билгалдохуш предложенеш д1айазйе:
Хан йаьллачу хенахь не1 туьйхира. Суна хаьара
цуьнан ц1е. Кийрахь са мел ду, аса хестор бу
сайн Даймохк.
2. Х1окху дешнашна йукъара омонимаш
билгалйаха:
Бага, дитт, бух, коч, говр, амал, ка, куьйра.

9.

Сада1аран мур.
Оха йазди, дукха йазди,
Йозано тхан п1елгаш к1адди.
Хьалхий – т1аьхьий идалаш.
Кхийса – кхийса – кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад ца луш.

10.

Берашка шайга болх байтар.
1. Кхочушдо шардар № 193.
2. Дешан х1оттам билгалбаккха: чувахар, парг1атбаьккхина.
3. Легаде дешнаш: хабар, дийцар.
4. Лаха нийса маь1на долу дош:
а) т1улган керт;
б) т1улган дог;
в) т1улган амал.
5. Цхьа маь1на долу дош лаха: куьг, дин.

11.

1амийнарг карладаккхар.

12.

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти….

13.

Ц1ахь бан болх.
1. 1амайо бакъо № 39.
2. Кхочушдо шардар № 195.

14.

Хьоме бераш,
даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун хаарш а!!!
English     Русский Rules