97.83K
Category: lingvisticslingvistics

Нохчийн мотт

1.

Нохчийн мотт
6-г1а «А» класс
Коьчал: «Ц1ерметдешнийн
тайпанаш карладахар.»

2.

Хьехерсахьтан 1алашо:
• Ц1ерметдашах 1амийнарг т1еч1аг1дар,
к1аргдар.
• Кхетош кхиоран 1алашо, жима дийцар
х1оттор ламасталлин йоцу урокан дакъа
д1адахьар.
• Гайтаман г1ирс: Ц1ерметдешнийн
тайпанийн кеп, суьрташ, книга «Нохчийн
мотт 6 кл.»

3.

Хьехарсахьт д1адахьар.
• Хьехарсахьтан болх д1ах1оттор.
• Ц1ахь бина болх таллар.
• 1амийнарг карладаккхар.
• Дешнийн диктант.
• 1амийнарг т1еч1аг1дар.
• Дешархошка шайга болх байтар.
• Жам1 дар.
• Ц1ахь бан болх

4.

Синтаксически къастае.
Тхоьга генара хьаша веара.

5.

Легаде терахьдешнаш.
• Ц1. шишша кхо стаг

6.

Ц1ерметдешнийн тайпанаш
1. Яххьийн
со, тхо, хьо, шу, уьш,и,иза
2. Дерзоран
суо, со-суо,шу-шаьш
3. Доладерзоран
сан,церан, хьан,шун
4. Дерзоран-доладерзоран
сан-сайн, тхан-тхайн,церан-шайн
5. Гайтаран
х1ара, д1ора, цигара,кхузара
6. Къастаман
х1ара, изза, муьлхха а
7. Къастамза
хьенех, минех, масех, цхьаверг
8. Дацаран
х1умма а, цхьа а, аддам а
9. Хаттаран
мел? маса? х1ун?
10. Юкъаметтигаллин
х1ун, мила, хьенан

7.

Хьенех
бохучу ц1ерметдашна бо
фонетически къастам.

8.

Маь1ница уьйр йолу дешнаш
цхьанатоха:
Суна…
веара..
• Тхьога..
делира..
• Хьо..
дагавелира..
• Шух..
гира..
• Цаьрца..
стаг..
• Масех..
салт..
• Д1ора…
карийра..

9.

Дешархошка шайга болх байтар.
• 1. Кху къамелан дакъошна буха яздо
пхиппа масал (пхиъ дешархо уьн т1е вог1у)
Ц1ердош
1 ….
2 ….
3…
4…
5…
Билгалдош Терахьдош Ц1ерметдош
1…
1….
1…
2…
2….
2….
3…
3….
3…
4…
4….
4…
5…
5….
5….

10.

Х1инца вай д1ахьур ю ламасталлин
йоцу урокан дакъа.
• Чулацам: Хьаг1, гамо х1унда лелайо?
• 1алашо: Бераш кхетадо гамо, хьаг1 лело
цаэшарх, цунах долучу зенах

11.

• Х1аг1, гамо адамна
дагах кхеташ долу
д1овш

12.

Жима дийцар.
Ахьмад самукъане, велакъежаш араваьлла. Арахь кхетта
малх бара, цуьнан дас аьллера, ша ц1а веъча, ч1ара лаца г1ур
ву. Ц1еххьана чувог1у иза дера, оьг1азе юьхь, кхоьлина
б1аьргаш, самукъане вац, ч1ог1а не1 туьйхи. Нанас хотту:
«Ахь х1ун до, хьо ма дарвелла, оьг1азе гуш ма ву хьо? Олла а
велла, дуьхьал вист ца хуьлура Ахьмад. Нанас юха а хаьттира:
«Хьо стенна дарвелла, гома х1унда хьоьжу хьо?» Б1аьргехь
охьаоьхуш хиш дара к1ентан. Т1аккха элира цо: «Суна-м ца
хили, Хьасанна компьютер эцна.» Нана шен ма-хуьллу к1ант
кхето г1оьртира. Цкъа собарде, вайн аьтто бац, хьан да
х1инцца бен балха ца вахна. Ткъа цул сов компьютер механа
еза ю. К1ез-к1еззиг ахча д1а а дуьллуш, эца хьовсур ду вай.»
Ахьмад д1а а вирзина, нене вист ца хуьлуш, д1ах1оьттира.
Сих-сиха пебетта волавелира.

13.

Хаттарш
- Х1ун хилла к1антана?
-Х1унда?
-Х1ун олу цунах?
-Ахьмад х1унда хийцавелла ненаца, гамо
х1унда лаьцна? Х1унда ца кхета к1ант нанас
шега дийцинчух?

14.

Хеттарш
• - Массеран буй механа еза компьютер эца
аьтто? Хьаг1 елахь, гамо елахь нахаца лело
оьший-те? Цунах пайда болий?
• - Цо х1ун дохьу адамашна юккъе?

15.

Дийцар
• Гамоно адам х1аллакдо. Дог лазадоккху.
Адамашна юкъара барт иэг1або. Барт
ийг1ича питана долу, питана гена даьлча
вер-ваккхар хуьлу. Цундела и стаг ша
ларвала везаш ву цу зенах. Хьаг1,гамо,
питана, зен д1адаккха стага шена т1ехь
болх бан безаш бу.

16.

Синквейн
• Хьаг1 гамо
• Боьха,ирча
• Х1аллакво, иэг1аво, цомгашво
• Хьаг1-адамашна юкъара питана ду.
• Гамо.

17.

Жам1 дар.
• -Маса тайпана ду ц1ерметдешнаш?
• -Тайпанаш къастор. Барта предложенеш
х1иттор уьш юкъадалош.

18.

Рефлекси.
Аш дийцийша, кху урокехь
Барий меттиг сингаттамна?
Куьг айъийша леккха, леккха,
Самукъадолуш болх бинчо.

19.

Ц1ахь бан болх.
• § 42-г1а 1амае, талламан
диктантана кечам бе.
English     Русский Rules